Хусейн Бетельгириев все тексты (слова) песен, переводы, видео, клипы
- Дашо г1арг1улеш
Ас хьан ч1абанах г1айг1а юйцур ю,
К1айчу говрана туьйра дуьйцур ду,
Гуьйре тийжачу нохчийн аренгахь,
Дашо г1арг1улеш новкъа йохур ю..
Ас хьан б1аьрхих цхьа илли доккхур ду,
Юьрта йисттехь цхьа ирзу доккхур ду,
Муьрг ц1ийх 1еначу нохчийн хьаннашкахь,
- Са Нана
Сан нана, хьол хаза, хьол деза дуьненчохь х1умма а дуй?
Хьан сий деш вала ву реза, тешаеш ца баарх дуй..
Хьешана мерза пхьор х1иттош хила хьайн хьийза до са..
Ца лела цабезам г1иттош, я хьайна ца лоьху са..
Шовданна к1ела лоьцуш канаш дахаре безам ца бов,
Ехийла хьо санна нана 1алаш ян марзонан б1ов..
Сан нана, сан деган зезаг, хьайн йовхо схьалуш хьо 1а,