АБВ
911pesni.ru
А
Б
В
Г
Д
Е
Ж
З
И
К
Л
М
Н
О
П
Р
С
Т
У
Ф
Х
Ц
Ч
Ш
Э
Ю
Я
A
B
C
D
E
F
G
H
I
J
K
L
M
N
O
P
Q
R
S
T
U
V
W
X
Y
Z
#
Тексты песен
Х
Хатимун Вели Киши воI Хьажи
Арби Гермчера
Текст песни Хатимун Вели Киши воI Хьажи - Арби Гермчера
Исполнитель:
Хатимун Вели Киши воI Хьажи
Название песни:
Арби Гермчера
Дата добавления: 14.07.2016 | 16:08:21
Просмотров: 14
0 чел. считают текст песни верным
0 чел. считают текст песни неверным
Здесь расположен текст песни Хатимун Вели Киши воI Хьажи - Арби Гермчера, перевод и видео.
Текст
Перевод
Биография
Печать
1. И Хатимун Вели, Кишин воI Хьажи, лаьцна вигинчу дийнахь. Махкашлахь дIахезира, и майра кIентий шаьш кечбелира.
- И Лечи хьалха баьрчехь ва волуш, и дашна маттана, говзу ву аьлла.
2. Гонах берш сихонца лехьа а бина, ва шаьш сиха вовшех ма кхийтира,
Вай махкачура сийдолу кIентий, цу хьалхар-мартан ва ара.
- Цара чIогIу чIагIо йира, шай цIента бух ца берза,
И вай Хьажи шаьш ваккханза, цу мостагIийн карара.
3. Дала шена беллачу ницкъанца, тIемашца лелаш долу олхазур даха ца луш,
Цу Iаничу шийлачу чIогIучу дийнахь, ма йолху говраш лаьхкира цара, цу Iашкура ва ара.
- Эскаро го лаьцна, и вай Хьажи юккъехь ва волуш, бахана тIе кхечира и майра ва кIентий.
4. Къамел сиха долийра цара, цу марзо Полковнике:
- « Ва марзо Полковник, тIехула-чухула ши чо а дуьйхина, наьIара мача туьйдина, кхакхана куй тиллина, лаге дечига хьостам боьллина. Кху Iаничу шийличу чIогIучу дийнахь, хьоьги, хьан эскаре, хIара гIийли миски стаг шелла вайтар, хьена бехк бу-техьа».
- «Шу шай нах ма бу-кха, хIара шен доьзулах ваьккхинарш, дин дохош мах бина –ва зулам да ву аьлла.
5. Кху Киши воIана Хьажина диттина меттинаш, ворхI пачхьалкх стоьла тIе ма кхечира, паччахье гIопе ма кхечира. Адам Iийхийна тилийна ма вели, хIара миски стаг, шу шай наха ма боху.
- И Билала ва молла, шун коьрте Iелам нах, куьйг яздина ма бойли, Хьажи шен махкаха дIаваккха.
(Хьажи шен доьзулух дIаваккха).
6. Паччахьашна, паччахьалаш делла - Хьакимашна хьакималлаш делла, шу дузийна дарстийна дуьйхина дIахецна. ХIара дуьне шуна ма луъу, шуьга ловза дойтуш волу, бакъдериг бен ца лелачу дийнахь, вай лоцур долуш волу, И вай Вези волу Сийлахь волу Дела вар-кха ва марзо полковник. Хьуна гуш волчу, кху гIийлайчу мискано – хьехавериг.
- ЛадугIуш хилахьа, хIокхула гIийли миски хир ма вац, хIара хIунда лецир ахь – во, Зулам да ву аьлла.
7. КIорагачу тоьли чохь чармат тIехь, шен туьхци межирг бууш, буьйсанна адамана новкъа воцчу хенахь, сахуьлунга вуьйлуш, шен гIийла Деле кхойкхуш воьлхуш, нахана доькъуш кхаьчначу, лаьтта тIера дIавийла гIерташ, хьанни хотешка вуьйлуш. Пепнийн орумашкахь хьажкийн буьртигаш туьйсуш, цу рицкъийца шен доьзал рицкъи кхачо ян гIерташ, хьуна ма-гарра, цхьа гIийли миски, вара хIара ма.
- Цуьна дегIа тIехь ва боцу, жижгихи ва хьаса, хIара хIунда леци ахь – во, Зулам да ву аьлла.
8. - «Шуьги дийца хIума дац шен, шу шега бакълерна, юьхьIаьржи ма хоьтти-кха ша, шуна ва хьалха, ша биначу харц некъана аьлла, хIинца ша хIара дIахецча, бехкаха валийтиша ша аьлла, тIевахана куьйгаш дIадаьстина, шен куьйгашци цуьна куьйгаш дохдеш, мара воьллина меле ледара хилла, ша воьлхуш цу марзо полковнико, и Хатимун Вели, Кишин воI Хьажи, маьрши ваьккхира. Хьажи маьрши ваьккхина, шайци цхьани ва волуш.
- АлхьамдулиллахI, IалаллахI-IулиллахI бохучу доккхучу зикранца и Хатимун Вели, Кишин воI Хьажи, шайци цхьани ва волуш, Дала а, Пайхамара а устаза шайна дика дина и майра кIенти, йоккхачу юьхь къомаца, шаьш цIехьа ма бирзи.
1. Хьан дуьхьи велхи ша ма, хьан дуьхьи велхи ша ма, яра нана-дегIаста хьан дуьхьи велхи ша ма, во - хьан дуьхьи велхи ша ма,
2. Хьан дуьхьи велхи ша ма, хьан дуьхьи велхи ша ма, дада Киши Везан Дела, хьан дуьхьи велхи ша ма, во - хьан дуьхьи велхи ша ма,
3. Хьан дуьхьи велхи ша ма, хьан дуьхьи велхи ша ма, баба Хеда, Везан Дела, хьан дуьхьи велхи ша ма, во - хьан дуьхьи велхи ша ма,
4 .Хьан дуьхьи велхи ша ма, хьан дуьхьи велхи ша ма, ваша Мовсар Везан Дела, хьан дуьхьи велхи ша ма, во - Хьан дуьхьи велхи ша ма,
5. Хьан дуьхьи велхи ша ма, хьан дуьхьи велхи ша ма, йиша Мата Везан Дела, хьан дуьхьи велхи ша ма, во - хьан дуьхьи велхи ша ма,
6. Хьан дуьхьи велхи ша ма, хьан дуьхьи велхи ша ма, яра Нана-ДегIаста, хьан дуьхьи велхи ша ма, во - хьан дуьхьи велхи ша ма.
Ла́ Ила́хIа иллаллахIу
– Тахана дуьненна, кхана догIур долчу, цу халачу къимата денна. И Хатимун Вели, Кишин воI Хьажи, ваийтарна – вовзийтарна - везийтарна – хьажийтарна - къобул вайтарна, оцунна тIаьхьа дазийтарна
– Мухьаммадар-Росу́лулла́хI

Скачать
Txt
О чем песня Хатимун Вели Киши воI Хьажи - Арби Гермчера?
Отправить
Верный ли текст песни?
Да
Нет
Вконтакте
Facebook
Twitter
Мой мир
Одноклассники
Google+
Вход
Поиск песни
Последние
Dibrovenko
-
О весне
EKT
-
Найди меня
Ulf Johan Tempelman
-
Beatrice Aurore
Freak Kitchen
-
The Bitter Season
IVAN BELYI
-
Крепче металла
Популярные
Хасан Мусаев
-
Я тебя и век не забуду
Хоровод лдя малышей
-
Хоровод, хоровод пляшет маленький народ
Хлеб
-
чай, сахар
ХЭППИ БЁЗДЕЙ
-
ту ю
Ханар
-
От рассвета до заката
Храбрая сердцем
-
небо крыльями обнять
Хелависа
-
Лики войны - Джайна
Харальд Лохматый и ко
-
Сага об Эгиле
Хайп
-
Секс на вписке
Хусейн Горчаханов
-
И промчится такси
Случайные
Game - Pokemon
-
French version
MADNORTH, HELLACASH
-
USAIN BOLT
Il Tre
-
Grattacieli
Начало Века
-
Алле,ку-ку
KryptoS
-
Heretic Supreme
Счетчики