Вирд - мел баларВирдан мел
Суьли махкара а вай махкара а молланаш вовшех кхетта, Хьажи волчу (Дала къайле тайойла цунна) бахана хилла, цара цигахь Хьажига аьлла хилла.
- «Хьан вала меттиг боцуш долу хьан гIалат гуча даккха даьхкина тхо» - аьлла.
- «Дела реза хуьйла шуна, шен гIалат даьлча, гIалат даьллийла хууш, ша меттахIотта лууш, даьхкина ду-кха шу, бусулба дин вашалла ду-кха аш деънарг, муьлха ду шен гIалат, хьаалийша» - элира бахара Хьажас (Дала къайле тайойла цунна).
- «Ахьа хьайн вирдан мел кхайкхош заманчохь, Шайхаш, Авлияаш , Устазаш балийна ахь юккъе, хIара Делан дин доккхуш, безачу сийлахь баьхкина болчу Элчана доьзалаш, цуьнан асхьабаш ца балийна ахь, хьан вала меттиг боцуш гIалат ду-кха иза Киши воI» - элира бах.
ТIаккха Хьажас элира бахара:
- «Маржа Iеламнах яI, Iеламнах делахь дацахь Iаьрбийн мотт хууш нах ду-кха шу, ша цхьа хIума хоттур ду шуьга. Шайхаш бохучунна маьIан хIун ду?» - элира Хьажас (Дала къайле тайойла цунна).