Имама Ан-навави все тексты (слова) песен, переводы, видео, клипы
- 40 хадис
40-гIа хьадис.
Эхартахь декъала хиларе кхачаран дуьхьа хIокху дуьненах пайдаэцар.
Iумаран кIанта IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цаьршинна) аьлла: «(Цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), сан белшаш а лаьцна, элира: «ХIокху дуьненахь хьо кхечу махкара хийра (стаг) я некъахо волуш санна хилалахь»
(ХIара хьадис дийциначо аьлла), Iумаран кIанта IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цаьршинна) кест-кестта олура аьлла: «Нагахь хьо сарралц вахахь - Iуьйренга валаре ма хьежалахь, нагахь хьо Iуьйренга валлалц вахахь - суьйренга валаре ма хьежалахь. Хьайн жималлера схьаэца ахьа - хьо цомгуш хилча хьайна оьшун дерг, ткъа хьайн дахарера - хьайн Iожаллина (оьшун дерг)» (Бухари).