- На чеченском
Буьйсанна борз ехкаш дуьненчу девлла тхо,
1уьйранна лом уг1уш тхан ц1ераш техкина.
Аьрзонийн баннашкахь наноша дакхийна,
Тархаш т1ехь дой хьийзо дайша тхо 1амийна.
Халкъана, махкана наноша кхоьллина,
Цаьршинна эшначохь, майра д1ах1иттина.
Ламанан лечарчий маршонехь кхиийна,
- Нохчи чье
Вайн дегнех кхерсташ ю алу,
Вайн ирсан дайъина доь,
Ларйойла хьо везчу Дала,
Бусулба сан Нохчийчоь!
Дог доьхна бер санна, г|ийла,
Оллалой ма хьежа соьга,
Хьан седа лепийта сирла,
Со лойла хьан, Нохчийчоь!
- Официальный
Харцоно цӀе тесна, хийла хьо ягарх,
Нохчийчоь ца йоьжна — гӀаьттина яха.
Кавказан ткъес хилла — маршонан ага,
Хьан лаьттан сий дина яхь йолчу наха.
Барт болу хьан къаьмнаш — мах боцу беркат! -
Хьо йоцург Нана яц, нохчийн халкъ хьаста.
Тхан дахар, тхан дерзар Даймехкан кхерчахь